„Beratungsstelle Extremismus“

„Beratungsstelle Extremismus“ ц1е йолу консультаци яран кхерч – иза, нагахь санна, шайн доьзалхой я дешархой, я шайна вевза а, шайца юкъаметтигаш йолу а кхиазхо я къона нах цхьана радикалечу динан я политикан экстремизман хьежамаш болчу тобанех д1акхетта хила мега аьлла хеташ, я и тайпанчу тобанца дог-ойла йолуш хила мега аьлла шеконаш йолчу наха шаьш муха х1ун дича бакъхьара хир дара бохучунна т1ехь г1о деха йиш йолу меттиг ю.

Тхо тайп-тайпана профессеш йолчу, дуккхаъ меттанаш девзаш болчу говзанчийн тоба ю. Оха 1арбойн а, немцойн а, ингалсан а, туркойн а меттанашкахь консултацеш йо. Оха мехаза болх бо, тхаьш динчу г1онах ахча а ца доккхуш. Йоллучу Австрехь а дакъош ду тхан, тхайца з1ене ваьлларг аноним хилар а лардо оха. Белхан деношкахь оршот дийнера п1ераска дийне кхаччалца 10 сахьт даьлча дуьйна 15 сахьт даллалца телефонехула з1ене довла йиш ю тхоьца.

Телефонехула оха г1о до информацица а, ткъа иштта кхоллабеллачу сингаттамехь х1ун дан йиш ю бохучунна т1ехь а. Оьшуш меттиг хилахь оха стагца юхь-дуьхьал къамел а до, цул совнаха, хьашт делахь, накъосталла оьшуш верг кхечу регионашкарчу тхайнарг санна йолчу г1о даран кхерчашка  хьажон а аьтто бу тхан.

Интерес йолчунна х1оранна а шена-шена лерина, цуьнан хьашташна кхоьллина болу, мехаза г1о-накъосталла даран болх бо оха г1о оьшучуьнца цхьаьна.

Тхо  карор ду шуна кхузахь:
Телефон: 0800 20 20 44
Оршот-П1ераска 10-15 сахьт
Имайл: office@beratungsstelleextremismus.at

bOJA, Lilienbrunngasse 18/2/47, 1020 Wien, boja@boja.at